День матери!

Муниципальное бюджетное дошкольное образовательное учреждение "Детский сад "Светлячок" с.Балансу" Ножай-Юртовского муниципального района Нана! Ма мерза ду-кх и дош. Нана, ма хаьа-кх хьуна сан дагара. Ма хьоьху хьуна даго сан ойла г1айг1ане, г1ийла хилча, г1елъелла, сарралац уьдуш лелла чуйирзича, лазаро б1арзйина, са малделла йисича, са хьийзаш, сагатделла хьаьвзича. Дерриге а хаьа хьуна. Ма-дарра даго хьоьху хьуна соьгара хьал-де. Долчунна т1аьхьа кхуьу, доллучух кхета. Тхоьга, хьайн берашка ладуг1уш, синтеме дац хьан экаме са. Массеран а г1айг1а хуьлу хьуна, массарех а дог лозу хьан, сан хьомсара Нана.